ДIахIоттар, охьахаар — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Обычаи и традиции

ДIахIоттар, охьахаар

Нохчийн г1иллакхНа чеченском языке

Юьхь-сибатца ца къаставелларг дукха хьолахь къастало цуьнан хотIе хьаьжжина. Масала, охьахаарца хIиндо монголах къасталур ву. Хьалхарчуьн настарш охьахиъча муьшах йича санна хьаьрчина хуьлу, шолгIачуьн настарш чучча яхана. Бийциначарах Iарбо къастало, эмкало санна, когаш кIел бехкина царна тIехаарца. Нохчийн хаар а хилла шен кепе дерзийна. ХIинца-м цхьа хIиндойн кеп йоцург, массо а караерзийнера вай, амма вайниг ю аьлла билгалъяккха йиш йоцуш, яйина-кх. Пха-Iад юккъе даьллачу хенара йисна дай охьаховшаран кеп, аьтту коган чоьхьарчу хьоркана тIехиъна, аьрруниг дегIаца гола хьала нисйина. Оцу кепара охьахиъча, хьала гIатта ца оьшуш пха тоха (топ кхосса) сихаллица аьтто сов хуьлуш хилла.

Ирахь латтаре хьаьвсича а, кхин къаьмнашца къастамаш бу. Масала, аьр вай, немцойн салти санна пхьогIанахь хIоьттина цхьаъ гича, «могуш воцуш ву иза», олий, делан минотехь даьржа. Къонаха латтар оьзда лерина, нагахь иза аьрру коган тIе вазвелла, аьттуниг паргIат буьтуш: цуьнан кIажа аьрручуьнан хьорканца нисбеш, когийн буьхьигаш цхьа буй юкъабиллал дIаса тесна хилча. Цу кепара дIахIоьттина волу стаг, хьалха шаьлта-доьхка лелочу хенахь аьрру куьйган боккха пIелг шаьлта — доьхка тосучу лергах тесна, аьтту куьйгаца аьрруниг лаьцна лаьтташ волу стаг кура лерина, я Хизарс ма-аллара, боьгIна хьокха санна лаьтташ а, латталуш а хилла, юстош чохь яллийна, урс хьакха араозийначу алашо санна, ша лаьттачохь, йорш а ца деш. Теллича, дуьстича гучудолу, Iилманехь цу латтарх третья позиция олуш хилар а, иза уггар эргономични хилар а (балетехь шуьйра пайдаоьцу цунах). Иштта дIахIоттаро аьтто бо, ойла ца хьийзош, аьтту когана тIера некъ болон. Нохчийн кхетамехь, стаг зулам эцна араваьлла я диканиг ду хьалха дерзийнарг къасторехь иза боккха чулацам болуш карадо. ХIунда аьлча, аьтту ког хьалха боккхуш волавалар, и стаг диканна араваьлла хиларан билгало ю.

ТIема кIел куьйгаш дехкина дIахIоттар къонахчуьнгахь ца товчарах лору (жерочо-м цхьацца шен бен-берса меже гайта дора иза). Ишттачарах ларалуш ду, шалгобарзакъ лелочара хаьнтIе куьйгаш хIоттор. Нагахь санна пIелгаш тIехьа долуш хIоттийча-м, «букъ лозуш ву» — аьлла хетар дара (жерочо-м хитIера йогIуш, шена тIаьхьа безамехь къонаха нисвелча, хи дохьуш кIудал, я белшаш тIе юьллий хIоттадора, ха ловзуш гайта (буй бина кераюкъ арахьа йолуш хилча, ца яшаран кеп ю). Боьрша ву бохучо уьш хIунда хIиттадо бохучунна тIекхиа юьхьиг кара ца йогIуш висина со, ша, жерочух тарвала гIертар дацахь!
Некъа-новкъахь лелош долу гIиллакхаш а ду лараман тIехь кхолладелла. Масала, новкъахь шиъ нисвелча воккхачунна (духар беркъа долчунна, гIоранца эшна волчунна, дешначунна, говзалла лакхара йолчунна, гергара йоцчу зудчунна, хьешана, тукхамхочунна (ненахочунна), я стунцхочунна и.дI.кх.) аьтту агIо луш ду.
Новкъа воьдуш кхоъ цхьаьнакхеттехь: вай лакхахь хьахийначу ларам бан догIучарна юккъера меттиг кхачайо. Цуьнан аьтту агIо кхочу царех уггаре жимачунна. Иза хьадалчин (посыльный) меттиг ларалуш ю. Хьалхалерачу луьрачу заманашкахь некъан хьовзамаш сих-сиха тIеIитталуш хиларе хьаьжна, лараме волчунна аьтту агIо мелла а чIогIо (карахь герз хиларна) хиларна, гIора-ницкъаца, доьналлица тоьлла верг, юккъерачунна аьрру агIор хIоттош ву. ШолгIа делахь, аьрру агIор хIоьттинчун декхар ду, зуламах иза ларварал сов, цхьацца къамелашца воккхахволчуьнан некъ бацбар. Iилманчашна гучудаларехь, аьрру агIор волчуьнга ладогIа аьтто сов бу.

Новкъа вахар-вар стеган зудчуьнца нисделча цу шиннан дIахIоттаран кеп, юкъарчу гергарлоне хьаьжна нисло. Нагахь санна къонахчуьнца ара яьлларг (синкъерамехь кIант вистхуьлучу юкъана неIаре вала дезаш долу гергарло делахь) цуьнан йиша, шича-маьхча елахь я хIорш цхьана цIийнан нах белахь (царех тухуш ю хIусаман нана а), иза шеца волчунна ах гIулч тIаьхьа, аьрру агIор хIутту. Оцо массарна а гойту, зударшца верг, царна бехке стаг хилар. Цаьрца лелон догIург цу тIера дIа хуьлу. Нагахь санна йогIург йоккха стаг, я гергарло херадаьллачех, я евзачарах хилча, царна аьтту агIо ло. Иза а дуьхьал я тIаьхьа нисвеллачунна, цаьрца вист хиларан кеп муха хила еза гойтуш хаам бу.
Вайн Iедалшца, ул-улле хIоьттина новкъа кхоъ вар, зен-зуламна уьш арабевлла цахиларан гайтам бу (зуламна арабевлла нах цхьаъ вукхунна тIаьхьа хIуттуш могIа бина хуьлу). Кхоъ ул-улле хIуттуш, царна жимма тIаьхьа аьтту агIор хIоьттина жимха а волуш йогIу тоба, маьрша некъ эцна йоьдуш ю. МогIане ялх стаг нислуш тоба йодахь, «юккъехь барам лаха», олуш ду. Цу хьолехь а нохчий тахана санна ринже гIоьртина хьайбанаш санна, берриге а некъ лоций боьлхуш ца хилла. ВорхI-ворхI некъа нисвалар цIа ялон боьлхуш, я ялош богIуш болу замой хиларан гайтам бу. Исс-исс нисвалар, уьш стаг витийта дехаре боьлхуш хилар гучудолу. Некъахула нах бахаро, дуьхьал-тIаьхьа нисвеллачунна гойтуш хилла, цу некъан Iалашо. ТIеIоттавеллачунна хууш хилла, ша ала дезарггий, муха лелча бакъахьа хир ду а.

Лакхахь ма-аллара, гIеххьа божарийн тоба некъа нисъелча, иза кхоккха стаг волуш дIанисло, уггаре а лоруш берш юккъехь а болуш. Хьалхий, тIаьхьий царел жимха берш хIуьтту. Кегийчеран кIулла (группа, часть) кхаа декъе екъало. Уггаре а кегийрниш баккхийчарна хьадал-вадал кхочушдан, царна юкъа яьржа; цхьа дакъа баьгар дан хьалха йолу, важа баьхьар кхочуш деш тIаьхьа соцу.
Тобанца некъахь зударий нислахь, уьш шайн кIулла йой, тобана юккъехь дIанисло. Амма оцу хьолехь, уггаре баккхийчу нехан кIулла шина декъе екъалой, царна хьалхий, тIаьхьий хIутту.
Тахана иза вайна юккъера дайна даьллачух долу дела боху ас, ворданахь верг гIаш волчунна, бехкала вахна бен, ворда хьалха а йоккхий, дIавоьдуш ца хилла. Цул а алсам ган тарлуш хилларг, ша охьавуссий а, иза дIавигар. Долчуьнгахь-м тахана а ду и гIиллакх, машенахь ша хьалхавала дезаш хилча, куьйга-эшарца шена бехк ца биллар а доьхий, йоккху цо шениг хьалха. Ткъа тахана-м шех тамаша байта, ворхIе а дена ша бан сихвелла воьдуш санна тIехъэккха бераца йолчу зудчунна, эчиган динахь волу кхузаманан бере. ЛартIера генна юьстах эккхар санна бен кхин муха лара деза, сахьийзарна кетIаваьллачу воккхачу стагана чекхъэккхаш конкин «болар» лахдарна меттана цунна тIе ченан кIур биллар? Вайн вовшшца болу ларам цига кхаьчна хиларх кхетча: «цкъа а вешан гIиллакхан хорша доьрзурий те вай?!» — боху шеко кхоллало.
ЧувогIуш – араволуш, хьалаволуш – охьавуссуш лелош долу гIиллакхаш шен-шен лоре дерзийна хилла. Цхьаъ чувогIуш, важа араволуш, неIарехь дуьхь-дуьхьал шиъ нисвелча, дукха хьолахь, шаьшшиммо хIун дича бакъахьа ду ца хууш вуьсу, жиманиг-м хьовха, воккханиг а. Дайша лелийначунна тIегIоьртича, араволучунна яла езаш ю хьалхе. ХIунда аьлча, чу вогIург мел кIадвелла хилча а, схьакхаьчна ларалуш ву, араволучо бан безачу некъах дерг хууш дац. Ларам бан безарш вай лакхахь хьахийнарш дерриш а ду кхузахь а, хьалхе цаьргахь ю, — хьал-бахамца тоьлларг, даржехь верг тIетоьхчахьана.

Лами тIехула хьалаволуш нисвелча, лара безаш берш вай лакхахь билгалбаьхнарш бу, охьадуьссучу хенахь царна тIаьхьа хила веза. Ламина тIехь галваьлча, охьавуссуш, я хьалаволуш, охьакхетар дукхачу хьолах аркъал хуьлуш ду. Жиманиг, могушниг, гIонана-ницкъана сов верг, дайша тIедожорца, бийциначеран гIортор, гIоьнча хила везаш ву.
Сих-сиха ган таро хуьлу, трамвайна, автобусана хьала-охьа вуссучунна гIо оьшуш хьал хIоттар. Кегийра нах шаьш дан дезарг хIун ду ца хууш буьсу. Иза милла хилча а, гIаддайначуьнан гIолацар вайн воддца догIург а, дайша тIеллинарг а ду. Къоначарна дагара дала мегар дац шаьш даккхий хирг хилар а, цу хенахь аш тахана нахаца лелийнарг, кхана шуна дуьхьал дериг хилар а (ша дIакхосса тускар дуцуш воллучу кIантана, дас дина хьехар: «ЧIогIа делахь, хьан кIантана оьшур ду хьуна иза», дага лаца). ШолгIа делахь, шен нана-да, йиша-ваша лоруш верг ца Iало юьстах ваьлла хьоьжуш, гIо лоцу оьшучохь. Гонах лаьттачарна ган ма го хьо мел кIант, ваша, къонах ву.
Хьалаволучунна, гIиллакх лоцу бохуш, иза хьала а ца тоьттуш, хьала а валий гIо де цунна. Охьавуссучу хенахь хьо хьалха охьа а воссий, гIо де охьавуссучунна. ХIара дуьне ша лехнарг карош хIума ду. Тахана аш динарг, шуна шайна кхана дуьхьала дер ду.
Нислучу кхин цхьана хьолах а лаьцна ала догIу. ГIиллакх лоцуш, жимчу машенан хьалхарчу гIанта хааво вай лорург! Амма авари хуьлучохь, дукха хьолахь, зарт хьалха хиъначунна чIогIа хуьлу. Иза массарна а гуш — хуучех ду. Боккъалла а шаьш воккхачунна диканиг дан гIертахь (цунна шена а иза хууш хилча кхин а дика ду), иза тIехьарчу гIанта хаон веза.

Саид-Магомед Хасиев, специально для Нохчалла.com

Оставить комментарий