Зуда ялор, ерзор — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Обычаи и традиции

Зуда ялор, ерзор

зуда ялор

Лакхахь йоIа кIант тIехьовзорах, хан йилларх, ара яларх лаьцна къамел хилира вайн. Амма суна кхузахь хьахо луург йигарехь — ялорехь билгалъяьлла керла кеп ю. Вайна юккъе башха яьржина яцахь а, оьздачу наха тIелаьцна а, шех пайдаоьцуш а ю иза. Хьовсур вай евзаш йолчуьнца юьстича цуьнан хIун башхаллаш ю а, бегIийлаш мел пайденна ю а.
Хууш ма-хиллара, шаьшшиннан дахаран некъаш цхьаьнатоха сацам хиллачу йоьIан а, кIентан а «къайленаш» нахала ца йовлуш ца юьсу. Иза иштта хилча, тIаьхьо байттамалла хуьлуьйтучул бакъахьа хир дара шина а дас шаьшиннан юкъаметтигаш хьалххе дIанисйича. Ша аьлча нийса хир дара, йоIа ара яла диллина де тIекхача 2-3 де диссинчу хенахь кIентан да-нана, кара кIез-мезиг совгIат а эцна, йоьIан цIераниш болчу хIиттича.

Цара ала тарлуш дерг: «Вайн кегийрхоша долийна а, церан цхьабарт хилла чекхдаьккхина а долчу гIуллакхана даьхкина тхо. Кхана «хаарий ца хаарий», «хиънехь», — боху хабарш шун цIийнера долалур делахь, уьш, орамашкахь хадийча бакъахьа хета тхуна, нагахь санна тхох шу дашахь, тхан хьал-бахам аш тоийтахь, шуьца долу захало дезаш, оьшуш ду тхо. Амма хилларг хилла даьллачул тIаьхьа, нехан нах юкъа а ийзош, кхунах базар йина, нахана хьалха, цхьацца болчара ма-дарра, шу даздала гIуртур делахь вайна юккъехь эвхьазлонаш тхьаьшна оьшург цахилар хаийта деана тхойшиъ». Нах болчу нахаца нисделча цу тIехь гIуллакх хаза, оьзда дIадоьрзу. Нах боцучу нахаца нисделларг зударийн кара а доьдий, нах кхарддал хIума хуьлий марсадолу, гергарлонна юккъе мекха юлу.

Сан шайца къамел хиллачарна хетарехь, оцу кепо «хиънехь» бохурш юккъера дIадаьхна ца Iаш, массо а агIор аьтто бийр бара гергарлонна.
Цкъа делахь, йоIа а, кIанта а шайн лаамца шаьшиннан кхуллуш бен бу иза. ШолгIа делахь, цхьана агIоно вукхунна хьалха куй бетта ца безаш хьал кхоллало. КхозлагIа делахь, йоцу цIе езаш, базбала гIертачеран, «вовшах а тоьхна, нах еха ца бахкийтича гIуллакх хир дац», — бохучеран букъ бора ду: вайна юккъера элий хIаллакбина масийтта бIе шо дIадаьлла. Цхьа а цхьаннал а лакхара я лахара воцуш цхьанийсса бу нохчий. И бакъдерг гича бакъахьа дара йоцу цIе езаш базбала гIертачарна. Тахана кIентан ден-ненан кисана «хIума» еанера аьлла, кала-цIолига шайн йоI луш волу стаг кхоччуш сонта, я кхоччуш сутара хила веза.
Цкъа хьалха йоьIан дагара а хааза, йоI еха воьдург, оьздангаллах къаьстина, я оцу стага чулоцург ша дуьненчу волуш дуьйна а шен сих хьакхадалаза хила веза. Ишттаниг бен цига гIур а вац. Массара дагахь латто дезар-кх: «букъ бойна а, хонушха а, бIаьрг баьлла а вацахь нахана шех бала а ца беш, кIанта ша лаха еза шен хьусам чу яьн ерг», — аьлла долу оьздачу дайн дешнаш. Иштта массара а дагахь латто дезачех ду аьлла хета, нанас шен йоIана дина хьехар а: «Сан хьомениг! Хьо санна жима йолчу хенахь, хьан ден дас гулдинчу даьхнех Iехаелла, еара со кху цIентIе. Карара хи санна дIадаха иза. Шен коьртаца, кхетамца каракхочу долу даьхни лаха ахь».

Кхин цхьаъ а аьр ас: хIара къамел дIадолош йийцинчу кепо гергарло кхоччуш чIагIдан некъ буьллу. ГIиллакх шина а агIоно лелорца бен гучадала а, лела а йиш йоцуш хIума ду ала гIоьртира со хьалхарчу могIанашкахь. Керла кхоллалуш болу доьзал, гIиллакх а санна, ши агIо, «ши тIам» ца хилча кхоллабала йиш йоцучех бу. Нах болчу наха, базбала гIертачара бен, иштта шайна тIедеана захало тIе ца оьцуш меттиг суна ца хааелла. Ас лакхахь хьахийнера оьздангалла, нохчийн гIиллакхаш хIун ю шайна ца хааре хьаьжжина, нахалахь шайн сий хьаладолу моьттуш базбала а гIоьртий, безаман уьйрана тIехь хIотталуш болу керла доьзал боха а бо, шаьш нах цахилар Iора а доккху.
Шеца нус, я кхин волуш, тоьхначу хенахь, ша йиллинчу метте йогIу йоI. Циггахь шен накъосташца уьш богIу ларбеш хуьлу кIант а. Уьш ларбеш лаьттачарах я гергарчо, я доттагIчо, несана кара хIума а (совгIат) кховдайой, бисмилла даккхарца цуьнан куьг лоцу. ТIаккха: — «Тахана дуьненахь а, кхана Къемата Дийнахь а, когашна кIелхьара латта, вайга хьоьжуш долу стиглара седарчий, хIара вайна гонах лаьттарш теш лоцуш, тховса дуьйна сан йиша а, тхан нус а ю хьо», — олий, ялош еанчуьнгара иза схьаоьцу (йоIаца йолчо дIахоьцу цуьнан аьрру куьг).
Нус йоссайо ненаваша волчохь, я и ялон ваханчохь йоIах дуьххьара куьг кхетта доттагI Iачу хIусаме. Дуьненчохь уьш мел дукха бахарх, царна юккъера уьйр-безам лахбала йиш йоцуш гергара нах хуьлу царех. Уьйр ца хеда йоссийначу хIусамца а.
Вай хьалха ма-аллара, кIентан да-нана шайн хинболчу захалошкахь хьалха хиллехь а, шолгIачу Iуьйранна, шун йоI ша реза а йолуш, хьенехан кIанте еъна а, цигахь йоссийна а ю, — олий, несан верасаш болчу нах хьовсош ду. Циггахь, я тIаьхьо леррина бахкийтинчу наха къастадо там-мехаца дерг. Оьзда ларалуш ду, нагахь тIебаьхкинчара хIара-важа аьлла къамел долийча, бухарчара «Вайна юкъахь гергарло тасаделла. ДIа коч, схьа коч бохурш юха а теттина, тхоьгара эшнарг шайн агIорхьара аш дуьжуьйтуш, шуьгара эшнарг оха шуьгара ца лоьхуш цкъачунна керла доьзал дIанисбийр бу вай. ГIиллакхца- гIуллакхца дерг дахаран дохаллехь гайта киртигаш хIуьттур ю шуна тIе. ТIаккха шун мах наха шаьш хадор бу, — аьлча. Ткъа оьзда боцчу наха и гIуллакх зударийн кара ло. Вуьш-м «хIарий, важий ца хилча йиш яц» — олий, список а хIоттайо, иза лула-кулахь гойтуш шайн йоьIан шаьш хадийначу мехах дозалла деш буьйлало. Иштта сурт гича, моьттур ду цара духкург шинара ду. Адаман мах дуьненан даьхница хадалуш бац. Кхуьун йолу тIаьхье хьесапе эцча-м, зудчуьнан мах-м уьссазза лакхара ма бай.

Захало мухха нислуш хилча а, юкъа догIуш а, ца къастийча ца долуш а цхьа юкъара хIума ду. …Маре яхаза йолчу зудчо газете яздинчу кехато цец-акъ ваьккхина, «иза мичахь, хьаьнца, муха кхиъна хилла те», бохург дагара ца долу суна, цул тIаьхьа масийтта шо даьллехь а. Вайна юкъахь: там, мах, урдо, олий, декъалуш ду шина агIоно вовшашца лелон догIург. И кехат даийтинарг я акхарошна юккъехь кхиъна хиллехь а, я Советан Iедалан векалш а ду шаьш бохучарах тешнехь а, нохчийн оьздачу Iадатех цунна хIума хууш цахилар цIена гучуделира. И кехат яздиначун кхетамехь болчарна хаийта боху ас: вайн зуда стеган цIртIе ца йолу мах баллац. Бусалба ву ша бохуш волу стаг нехан зудчух сте ян ца гIерта мах баллац мукъане а.
Лакхахь яхар-ялор хьахийначохь, «калым», «приданное» бохучу гIарадевллачу дешнашца Iарбойн, европан аьлла ши система къастийра вай. «Калым» бохург шайна аьрхо хеташ хIума долу дела Советан Iедалан векалша вай цунах тоьхнера. Амма, ма-дарра дерг дийцича йоьIан а, кIентан а – шина агIонан коьрта Iалашо, ницкъ кхочур керла кхоллалуш болчу доьзална гIортор хиларехь а, накъосталла дарехь а яра. Оьздачу наха тахана а там бохучу кхетамца лелош дерг, дуьххьара дехкар долчу, я дихкинчу шинарин мах бу. Ялийначу жимчу зудчун дола доккхуш долчу даьхних олу урдо. Зудчуьнан бехк а боцуш йитахь я йисахь а аьлла, цунна хене яла тIаьхьалонна схьакъастийна ю и бежана. Ткъа оцу юьстагI-бежана экхано хIума дина, я цамгаро дожийна хIара йисахь а олий, латта билгалдоккхуш хилла. Доцца аьлча, гIалгIайн санна, къона-къанваллац хIусамнана ялон там гулбеш лела дезаш ца хуьлу, я цIадахьаройн санна, йоI маре яхаро чIана а ца воккху нохчо.
Кхин цхьа хIума а ду кхузахь хьахон дезаш: зуда ялийначохь герз кхоссарх лаьцна. Дайша иза иштта осалчу даьккхина лелийна дацахь а, ваьш эвхьаза девлла вай цуьнца. Бакъ дерг ала деза: иза эвхьаза тахана а, селхана даьлла а дац. Шемил караваханчул тIаьхьа, тIом, летар долчу хенахь шайгахь герз гарна кхоьруш а лелла, паччахьан Iедал тIедеъча нахана шайгахь герз дуй ца хиъча, шаьш-шайн кIезиг хеташ дуй хиъча шайн цхьа хIума хьала долу а моьттуш, цхьа жуккарийн тоба кхиъна. Цул тIаьхьа церан тоба стамйина революцино а, граждански тIамо а, и.кх.дI. а. Тахана дукхах болчарна иза вайн оьздачу дайн Iедал хилла а моьтту!

Боккъал дерг аьлча, доссийначуьра нускал арадаьккхина аьлла хаам беш, топ-тапча яссош хилла – замой новкъабевлла хиларан билгало хилла иза. ШолгIа герз – кирхьа кхача дезачу дIакхаьчна хилар нускална хоуьйтуш дассош хилла (ала мегар ду – замошна). КхозлагIа герз кхоссаран маьIна-м тахана наггахь волчу воккхачунна бен а ца хаьа; гIопехь дуьхьал яьллачу марнанас несца кхерчана дола дар къуьйсуш даьккхина дов, и шиъ берта а яхана, нус кевнна чоьхьа яьллий юьртана а хоуьйтуш кхуссуш хилла.
Патарман мах – адаман дахар лаьрра волчу нохчийчо, вала а волуш, баттара шаьлта йоккхуш ца хиллийла а цхьа Iалашо, цхьа маьIна доцуш герз ца дассийнийла а хаа-м дезара белшашна тIехь, шелахойн гIабакхан буьртаг йоцчунна.
ГIиллакхийн орамаш охкур дац аьлла сана тIе-м лаьцнера ас. Амма кегийрачу нехан хIораннан хаттарна жоп делла а ца волу. Цундела къамел жимма дахлахь а, замойн некъ лацарх ца хьахийча нийса хир дац. Тахана иза, хьаъа а, миччахьа а лоцу. Цу тIехь вовшашна халахетарш дар а, цатемаш бар а хуьлу. Нус ара яьккхинчул тIаьхьа некъ лаца йиш ю зударийн а, берийн а гIопехь. Цул тIаьхьа некъ лаца йиш яц цхьаннен а. Некъ лаьцначо (воккха, я жима хуьлда иза) ша вовзуьйту (йоьIан верасах хилар, и хIунда дина бахьана а дуьйцу) нуц вогIучу хенахь ша цIахь хирг цахилар. Ша ду замой новкъахь севцча, хелхаран бал боккхуш, садоIуш, тIекхаьчначу некъахочуьнца дерг. Цо пондар-эшар лекхна, я кхин цхьа самукъа долу хIума дахь, цунна совгIат догIу.
Кхин цхьа х1ум а ду тIаьххьарчу кепахь гучудаьлла: замошна хьалха воккхачу стага Iаса йиллар а, йоккхачу стага йовлакх тасар а. Иза совгIатана деш дац, я совгIате сатуьйсуш а дац. Цуьнан маьIна кхин ду: шен къинхьегамах, хьацарх ваха гIора доцуш, гIо дан, гIо лаца тIаьхье йоцуш висинчу стага, зудчо керла кхоллалуш болчу доьзале ша тIелаца бохург ду. Иза тIелоцуш а хилла, валлалц дел-ненал хьомсара хеташ лелош а, велча дIаверзош а хилла. ТIехъваьлла дIаваха йиш йоцург а, ца дича ца дериг а хилла иза.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Оставить комментарий