Опрос

Какой раздел Вас больше интересует?
 

Последние комментарии

Наша кнопка

История, обычаи и традиции чеченского народа

По любым вопросам можете обращаться: chermo95@gmail.com

 

Сказки
Сказка на чеченском языке
26.01.2012 11:23

 

1 – ра  сцена.

Занавес  д1акъевлина  ю, цунна  хьалхахьашхула  сцени  т1евог1у  туьйранча, тиша  чамда  а  яхьаш:

  -  О-о-о, ма  хаза  бераш  гулделла  х1окху  зала  чохь. Со  мила  ву  хаий  шуна? Суна  мел  дукха, хаза  туьйранаш  девза  хаий  шуна? Шуна  дийций  ас? Сан  шадолу  туьйра  х1окху  чамди  чохь  ма  ду. (схьайоьллу  чамда, схьаоьцу  цхьа  х1ума-охьаюьллу, схьаоьцу  кхин  х1ума-охьаюьллу, т1аккха  схьаоьцу  дечиг  пондар)-олу: - О, х1ара  дукха  хаза  туьйра  ду, х1ара  дуьйцур  ду-кха  аса  шуна. – Чамда  т1ома  к1ел  а  юьллий, д1авоьдузанавес  схьа  а  йоьллуш.

  

 
Дагардар
26.01.2012 11:21

 

Х1иций-биц1ий  биц1ий  ц1олга.

Ц1уллекам-лека  1умар.

Иттозза  пхьар, шозза  бахтар, берза  к1еза б1ав.

Х1оттам-боттам  саммачи,

Чинчи-лечи  ветан  букъ,

Хьо  д1авала, хьо  ваьгна

 

Со  слов Ахметовой  Алпату

 
Турпала к1ант
Рейтинг пользователей: / 4
ХудшийЛучший 
01.11.2011 13:01

Бер а доцуш зудий, майрий хилла боху 1аш.

Церан беран мета еана, эцна кхела бекъа хилла боху, зуд хилла боху.

Зуьдо к1езий деш цахилла боху, кхело бекъа еш цахилла боху, зудчо Бер деш цахилла боху.

Ишттачу г1айг1анца къанлуш 1ачу зудчунна г1ан дайна боху буьйсанна охьайижча.

 

 
Газа-гуьзалг (Халкъан туьйра)
02.02.2011 16:45

Гезарий  Хилла  боху  яжа  яхана.

Цхьа  гайдерг, ши  гайдерг, кхо  гайдерг, диъ  гайдерг, пхи  гайдерг.

Де  дохделлачу  хенахь  цхьа  гайдолчу  газано  аьлла:

- Х1ай  ши  гай  долу  газа, хьо  ц1а  йог1ий? Сан  цхьа  гай  дуьзна

 
Кхаа стагах лаьцна забаре дийцар
05.01.2011 17:01

Цхьа  стаг  хилла  мангал  хьокхуш. Шолг1аниг  жа  дайна  араваьлла   хилла. Мангал  хьокхучунна  т1евахна  жа  дайначо  хаьттина  шен  жа  гирий  хьуна  аьлла.

Иштта  хьо  д1ахьаьжча  гуш  йолу  и  сила  аре  ю-кха  шен  аьлла.

Шиъъе  а  къора  хилла.

 
1ер-дахаран хьокъехь долу туьйранаш
23.11.2007 01:45

ЭЛАН ЙО1

Цхьана элан кхо йо1 хилла. Хьуьнарш къевсина цара. Жимах йолчу йо1а, зудчо ца дича, ц1ийнах ц1а ца хуьлу аьлла хилла. Церан къамел хезаш 1аш хиллачу дас сацам бина, юьртахь уггаре а кьен стаг а лехна, иза маре яла, цуьнан х1уьттарена. Дас къобалдина захало т1е ца лоцуш, иза юьхь1аьржа х1оттина хилла йо1а.
Ша маре елла волу стаг ц1ин а вина*, шен кьел а ловш, ехаш 1аш хилла и зуда. Цхьана дийнахь х1онце воьдуш кхера к1етахула т1ехволуш волчу кхаа стага мала хи дехна цуьнга. Мала хи а кховдийна:
- Шу стенга доьлхуш ду? - аьлла, хаьттина цо цаьрга.
Шаьш мехе доьлхуш ду аьлла оцу наха.
Зудчо шен майра а вигахьара аша аьлла, дехна цаьрга. Вуьгур ву шаьш аьлла, оцу кхаа стага......

 
Дийнатех лаьцна туьйранаш
23.11.2007 01:32

ЛУЛАХОЙ

Цхьана лулахь 1еш хилла чай, борзий, цхьогаллий - цхьана, шинарий, цициггий, н1аьний - цхьана. Цхьана дийнахь н1аьна яа дагадеана долу цхьогало аьлла чане:
Вайн лулахой хьошалг1а а кхайкхина, ахьий, барзой шинар даа деза, ткъа суна-м н1аьна а тоьур ю. Цу т1е оцу "цициг" боху х1умне а хьовсур вай (чанний, 6арзаний, цхьогалний цкъа а цициг гина ца хилла).
Дахана цхьогал лулахой хьошалг1а кхайкха.
- Шинар, во-о шинар! - аьлла кхайкхина цхьогал.
- Мила ву кхойкхург, мила ву кхойкхург?! Йовханиг яа ца дуьту аша, шийланиг йохъян ца дуьту аша. Мила ву кхойкхург? - бохуш, аьрру аг1ор ворх1аза йолу топча а йолуш, арадаьлла шинар......

 
Инзаре тамашийначу х1уманех лаьцна туьйранаш
23.11.2007 01:26

ЧХЬАЙНИН ЧИЙРИК

1АШ ХИЛЛА цхьана йоккхачу шахьарехь Чхьайнин Чирик ц1и а йолуш, цхьа Жера-бабин к1ант. Дийнахь сарралц дечках пондар а бина, аза а иэсна, хин коьрте ворх1 вешин йишина пондар лакха вахна аза. Лекхна к1анта пондар, новкъа ваха ваьлларг некъа т1и виссаш, хи т1а ваха ваьлларг хи т1а виссаш. Ворх1 вешин йиша хьа а ца хьаьжна. А пондар оцу йоь1ан коьртах тоьхна каг а бина, ц1а вахна к1ант.
Шоллаг1ча дийнахь сарралц пондар а бина, аза а иэсна, хин коьрте вахна Чхьайнин Чийрик. Лекхна к1анта пондар, дукха г1ийла, лекха ламанаш херцаш, доьду шовданаш сецаш, къона верг къанваш, къеначуьнан б1аьрса дайаш, сийна сигланаш т1иелххал, 1аьржа латтанаш бухдийллал. Ворх1 вешин йишас ла а ца доьг1на. А пондар а, йо1ан коьртах биттина каг а бина, ц1а вахна к1ант.
Кхоалг1ачу дийнахь а сарралц пондар а бина, сарахь хин коьрте а вахна, пондар лекхна Чхьайнин Чийрика. Ч1ог1а самукъане хилла цо цу дийнахь лиэкхарг, къена берш къонбаш, къонбелларш хелха бийлаш, сиглахула доьду олхазар соцуш, лаьттола доьда экха дижаш, кешнашкара белларш г1иттош. Ткъа а ла ца доьг1на ворх1 вешин йишас, - ела а ца елла, елха а ца йилхина.....

 


Авторизация



Последнее с форума

Кто на сайте

Сейчас 213 гостей онлайн
© 2007-2012 НОХЧАЛЛА.com | При использовании любого материала активная ссылка на сайт www.nohchalla.com обязательна. Администрация сайта не несет ответственности за размещенную рекламу.
датчик давления в шинах