Айдамирова Аймани — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Биографии на чеченском языке

Айдамирова Аймани

 

Айдамирова  Аймани  йина  1965 – чу  шарахь  Т1ехьаМартанан  районан  Сема1ашка  юьртахь. Диъ  шо  бен  хан  яцара  йоь1ан  Дуьххьара  вайнехан  эшаршка  а, иллешка  а  безам  баханчу  хенахь. Къаьсттина  йо1а  къобалдина  дара  Айдамирова  Мареман  аз.

Эшаршка  болу  безам, х1уъа  дича, д1а  ца  болура  дагара. Школехь  доьшуш  йолчу  хенахь  дакъалоцура  исбаьхьаллин  самодеятельностехь. Цхьана  хенахь  дакъалецира  Ленинан  ц1арах  йолчу  ДК – хь  хиллачу  исбаьхьаллин  самодеятельностехь. Цигахь  1981 – чу  шарахь  ойла  хилира  корматаллин  сцени  т1ехь  болх  бан. Х1етахь  Нохч – Г1алг1айн  филармонин  «Илли»  тобане  д1акхойкхуш  бара  корматалла  йолу  кегирхой  а, мехкарий  а. Х1етахь  шен  йишица  Маликица (х1инца  вайца  яц  Малика) еара  шаьшинна  говзалла  гайта  филармони. Ч1ог1а  реза  хилла  т1еийцира  Малика  а, Аймани  а  «Илли»  тобано. Иштта  кхоллаелира  церан  эшарш.

Цул  т1аьхьа  Эдисултанов  Шит1а  вовшахтоьхначу  «Самукъане  сахьт» ц1е  йолчу  эстрадни  тобана  юкъа  еара  Аймани. Оцу  тобанехь  болх  бира  Айдамирова  Айманис  дукха  шерашкахь, дукха  концерташкахь  дакъа лоцура цо. Цуьнан хаза аз дезаделира вайн халкъана. Цул  т1аьхьа вовшахтуьйхира «Жовх1ар» ц1е йолу мехкарийн тоба а халкъан артистка Айдамирова Аймани а.

Цуьнан репертуарехь дуккха ю нохчийн халкъан фольклорни эшарш, иштта: «Ламанаш», «Сан Даймохк», «Йо1ур ю нохчийчу машаран б1аьсте», амма халкъо концертехь сих – сиха дехарш до хьлхалерчу Темирбулатова Сиржанан дешнаш т1ехь язъйина «Х1ай нена дашо малх» ц1е йолу йиш лакхийтор доьхуш.

Вайн нохчийн поэтан дешнаш т1ехь язъийна ша мукъамаш баьхна эшарш ю Аймани. Х1инца шен корматалла лакхайокхуш къахьоьгуш схьайо1у Айдамирова Аймани. 

Оставить комментарий