Сан марзонаш — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Адам Ахматукаев

Сан марзонаш

ХIара сурт сан ден ду,
ХIара ду сан ненан.
ХIокху тIехь со церан
Лекъаш дина бер ду.

ХIокху тIехь со, ненан
Куьйгаш дIа а хецна,
Когаваха Iемаш,
ВогIавелла лаьтта.

ХIокху тIехь со суьлхьа
Доккхуш Iачу дега
Хоьттуш ву, сайн муьлха
Ламаз ду дан дезарг.

ХIокху тIехь со, ирсе
Хила Iемаш царех,
Хьоьжуш ву хийистехь
ЙоI дуьхьала яре.

Пхьоьханарчу наха
Шайн цатемаш балхош,
ДIо чубузу малх а
Кешнийн керта лахло…

ХIара чурт сан ден ду,
ХIара ду сан ненан.
Сан марзонаш хеда
Дуьне, хьо ма къен ду.

 

Адам Ахматукаев

Оставить комментарий