Юха а денлур ву — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Адам Ахматукаев

Юха а денлур ву

Кисанахь ловзучу шайнаша
Кхетамна ваьккхича гена хьуо,
Iехалуш самахчу гIенашна,
Хьовзор бу ахь керла хенагуо.

«Нийсачу» нахерчу бустамехь
Духар а далийна лартIе, ахь
Хьайн берийн хенара нускалан
Цхьа тайпа доккхур ду цIартIе а.

Кхаъ белла, балха дIахIоьттина,
Болар а, къамел а тодина,
Лелар ву, кепа чу воьттина,
Хьаналчу дегнашна муо бина.

Дозанал ара а баьккхина,
ЦIеношна пеннал бух буттур бу, 
Хьийзош хьайн куьйга кIел баьхкинарш, 
Хьаькамна муьтIахь чухIуттур ву.

Цунна тIе ламазаш дерзадеш, –
Цул деза ца гойтуш хIумма а, –
Цу Iамалх дахаран терза деш, 
Дуьтур ду дуьненан суннаташ.

Цу «декъалхиларо» хьаьсттинчохь
Дахаро хьо юьстахкхоьссича,
Юха а денлур ву – хIумма а
Йоцучу хIуманийн умматехь.

 

Адам Ахматукаев

Оставить комментарий