Нохчийн синкъерам — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Обычаи и традиции

Нохчийн синкъерам

Синкъерам

Нагахь санна нохчийн къомера дуьненна а хьалха дозалла дан йиш йолуш цхьа хIума даьллехь, хьалхарчу декъана, иза синкъерам лара безар бу. Тахана халкъ а хилла доьхна даьржина долу вай юха, ша хьалха ма-хиллара, къам хилла дIахIуттург хиларх а, цIена синкъерам цу тIехь вайна ницкъ болу гIортор хилла дIахIуттург хиларх а дог теша. Амма и тешам эшаме боьрзур бу, нагахь санна масех шо хьалха хиллачу Мехкан Кхелана тIехь динарг цунна тIехь дахь: тIера цIе схьа а эцна, чурх талхийна дастаме яьккхина, цIе яккхича а Iеттон дог догIучу метте цуьнан беш дIахIоттийча. Ша ду синкъерамца догIуш долчу гIуллакхийн хаза а, дика а агIонаш Iамош, толлуш, уьш тIийригна тIе туьйсу суьлхьанаш санна, схьагулдар бохург. ТIаккха ала йиш хир яр-кха: хьалха санна къам хилла дIахIоьттина вайниг.

Юха а билгалдаккха лаьа: синкъерам дуьненна а хьалха вай дозалла дан догIуш йолу институт ю. ХIунда аьлча, кхечу къаьмнашна шаьш цивилизацин лакхене кхаьчна моттарехь а и санна йолчу юкъарлоне уьш хIинца а кхаьчна бац. Цуьнан баккъал болчу чулацаман а, цуьнан оьздангаллин маьIнех а шаьш кхетча, кханенга сатуьйсуш долчу дуьненчуьрчу дерриге а къаьмнийн векалш «иза шайн-шайна ца хилча ца болу», — бохуш, цуьнан гIиллакхаш Iамо гIерташ вай долчу «ХьаьжцIа» оьхур бара.
Вай лакхахь элир-кх уьш дин лелош дуккха а къаьмнаш ду аьлла. Оцу кеппарчу нислучарах ду меттанаш цхьаъ хиларх, къаьмнаш тайп-тайпана хилар, масалш лоьхуш гена вийла а ца оьшу: немцойн мотт австрийцаша буьйцу; ингалсан мотт – американцаша, австралийцаша; партугальцийниг – бразильцаша; Iарбой-м хьеха а ца бо вай кхузахь.

Тайп-тайпана меттанаш долуш, юкъахь талмажалла деш стаг ца хилча, вовшех кхета а ца кхеташ къаьмнаш ду. Масала, суьлий. Кхин а гайтаме бу хIирий, дигорцаш, туальцаш, иронцаш, кIезиг делахь а. Кхин цхьа шатайпана адамаш а ду дуьненахь: мотт цхьаъ боллушехь, тхо тхаьш-тхаьш къаьмнаш ду боху цара. Вайн ца хилча къа дара церан: нохчийн орам боллушехь вай дIакъаьстина бац ткъа гIалгIай, аьккхий, орстхой, кистинцаш, маьлхий. Орстхой-м баккъалла а аьлча, Карабахера схьа ГIирме кхаччалц гул бан дезар ду, шаьш нохчий бу я гIалгIай бу ца хууш бу маьлхий. Изза хьал ду орстхошкахь а. Царех ву дуьненахь дуьххьара «галай ву» шен кIентан паспортана тIе къоман цIе язъяйтина сан накъост!!! Вай ду бахарах, вайна моттарх вай дац! Синкъераман чурх а, кеп а йоьхчхьана дуьйна схьа вай доцуш а ду!
Нохчийн синкъерам – къоман са. Дог, букъан сурт ду. ХIунда аьлча, цигахула бен оьзда а, беркате а доьзал кхолла аьтто ца хилла вайн дайн. Имам Шемал иза кагбан воьлла. Советан Iедало – синкъераман са, дог, чарх ша-ша доккхуш дIаса а даьккхина, сийначу цIергахь дагийна, мохе чим дIаса бахьийтина.

Дин, мотт кхидIа а тайп-тайпана хиларал совнаха, цу къомана юккъехь лелачу йигар-ялоран низамашца а къаьсташ ду дуьненчуьра къаьмнаш. Масала, шина вешин йоI, кIант долуш, Iаьрбойн, суьлийн кхечанхьа кхийда йиш яц; дайшкахула-м хьовха, наношкахула а захало тасаделла меттиг хилча а, хIирийн а, гIалгIайн а керла доьзал кхоллабала йиш яц. Iилманехь хьалхарчух эндогамни, шолгIачух экзогамни брачни система олуш ду. Цу шина къоман, вайчеран гIиллакхашца дуьстича, цхьа башхалла ю кегийрчеран дог-ойла юьстах йисар, керла доьзал колларан гIуллакх баккхийчарна дукъ хилла тIедожар. Вайна ма-хаъара, дукхах долчу европейски къаьмнийн гIиллакхашца, йоьIан дас-нанас йоIана мах а лой оьцуш ву кIант, (Iарбоша йоI оьцу). Оцу шина системана синкъерам, къаьсттина, тIехьийзар, догдахар, безам-уьйр бохург юкъадаьккхича а, уьш цигахь догIуш цахиларе хьаьжжина эхье а, маьттаза лара дезаш ду.
ТIехьийзар, догдахар, безам-уьйр кхоллаялийтархьама кегийрахошна юккъе кхин система кхоллаяла еза. Иза адамаша къобалйина тIеэцна хилар оьшуш а ду. И шадерг хилийтархьама, кхоллабала безаш бу цхьа кхетаман бух. Масала, нохчийниг санна, доьзал доьзал бац, нагахь санна, стаганий-зудчунний юккъера уьйр-безам хаьдча. Цу тIера ду нохчийн йитар-витар атта хилар. «ХIунда хилла-те иза иштта?» — аьлла, дуьхе кхиа гIоьртича, гучудериг стен а, майрчун а юккъера безаман зIе хаьддачул тIаьхьа дуьненна тIе ваьлла доьзалхо – къутIа хилар. КъутIа боху кхетам дуьне доладелчахьана къаьмнашна юккъехь лелла а, лелаш бу, амма нохчийниг санна кхетаман кIоргенашка кхаьчна бац.

Цхьана хьалхарчу заманашкахь гIалгIайн а, цхьацца йолчу ламанан шахьаршкахь нохчийн а и кеп лелла хилар гучудуьйлу. Амма бусалба дин юкъадаржарца гучубевллачу элийн а, церан цIуьхарийн а харцонаш, боьхаллаш кегийначул тIаьхьа мелла а гIиллакхаш, амалш цIанъелла, низаме яьхкина, зудчуьнца болу ларам лакхабаьлла, цуьнан лаамаш кегбар лахделла.
Цаьрца нисдина ду, зуда бертаза ядийна, я ехна йигар дехкар. Нохчаша дуккха цунах доьзна кицанаш дитина вайна: «Ша лехна бен мерза хуьлуш бу», «Цхьатерра шиъ вовшахтоха гIерташ Дала шен эчиган мачаш йохийна», и.кх.дI. а. Кицанах къамел хиллачуьра аьр вай: шина кепара олуш кицанаш ду вайн. Масала: «КIантана хIу лаха, йоIана цу лаха», «КIанта хIу лоху, йоIа цу лоху». КIорггера ойла ца йича, шиннан а маьIна цхьаъ ду, амма ойла йича шалхо гучуйолу. Хьалхарниг ширчу заманан Iадаташца доьзна ду – шолгIаниг дахаран хьашташа, Iалашонаша нисдина, шординарг ду. «ЙоIIий, кIанттий баккхийарна шайх бала а ца беш, шаьшшинна бен шаьшшимма кхолла беза», — аьлла, шаьш къонахий хиларе терра, дайша тIедожийна вайна. Иштта нисделла синкъерам – нохчийн гIиллакх-оьздангаллин бух, орам хилла дIахIоттар.
Гергарнаш, баккхийнаш керла доьзал кхоллабаларна юьстах лаьтташ хилла аьлла моттадала тарло. Массо хIуманна тIехь кегийчеран уьш гIортораш а, гIоьнчий хилла дIахIитта зезаш хиларна, иза данне а бакъ дац. Цундела аьлла моьттуш ву-кх со, — «йоIаний, кIантаний юккъе херо юлуьйтуш мотт бинарг – Делах ваьллачех ву» — бохург.

Доцца аьлча, синкъерам, шен диканиг — вониг зуьйш, цецах чекхдоккхуш, толлуш, шен оьздангаллин терхашца нисъеш, нохчийн къомо кхоьллина Iаламат мехала институт ю.
Дайшкара вайга кхаьчна кхин хIума ца хилача, и цхьаъ а тоьар дара вайна юьхькIайн хIитта а, кортош айина дуьненчохь лела а. ДогIуш а, мегар долчарех а ду, кегийрачу чкъурана ша довза а, зен а аьтто бан, хьанна а хьалха куралла ян кхоьллина и институт хиларна. Кхечу къаьмнийн иза цахилар хьаьжча-м хIета а вайн дайшкара доккха хьуьнар оьшуш хIума хилла иза. Гуттар доккха хIума ду иза, дуьнена юкъара хьоле диллича, кхечухьа и саннарг цахилар дага лаьцча: йоьIан аьтто бар; дуккха а кегийра нах бовзийтар; тIехьийзорца, царех цхьаъ къасто аьтто баккхар; цуьнца шен дахаран некъ дIаболор.
Нохчийн йоIана а, кIантана а вовшийн довза а, самукъадаккха а (тIехьийзаран юкъаметтиг дIакхехьа) ворхI тIегIа ду къастийна. ЙоIа цхьа бахьана, цхьа некъ ца белча, кIентан йиш ца хилла юкъаметтиг лакхарчу тIегIантIе яккха. Масала, дуьххьарлерачу тIегIантIера, дукха хьолахь, дIадолалуш хилла цу шиннан довзар. Хьешан цIарах сакъерар ду иза. Синкъерамехь а доцуш хечанхьа кIанта шен безам йоIе дIакховдор вайн дайшлахь дукха чIогIа даьсса хIума лоруш хилла, и шиъ берахь дуьйна цхьана хьалакхиънехь а.

Хьалхара тIегIа, вай лакхахь ма-аллара, йоIера хьешан цIарах сакъера пурба даккхар ю, уьш цхьана юьртара-м хьовха, кевнах ков а хIоттаделла бехаш белахь а. Делахь а коьрта чурх кхечу маьIница ю кхузахь. ЙоI, я кIант хьошалгIа дахча, цунна лерина синкъерам беш хилла, цу тIе, хьешана хьаша кхачош ца хилла. ХIунда? ЙоIана, я кIантана нах бовзаран го шорбан Iалашо йолуш. ЛадоьгIча, ойла йича, доккха маьIна Iуьллу цунна бухахь! Хьешан цIарах цхьана буса шега къийрина а сакъийринчу кIанте, тIаккхахула мацца а, миччанхьа а вовшахкхеттачохь йоIа маршалла хаттахь, кIантана а, гонах болчарна а хаа хилла, йоIана цуьнца долу гергарло кIаргдан лууш хилар. Нагахь ца хаттахь, шен дагахь мелла яккхий «гIаланаш» югIуш иза хиллехь а, кIант юхавала везаш хилла. Вайн дайша зIакардаьхнийн гIиллакхашха лерина долу, йоIана лаахь а, ца лаахь а кIанта «тIам» хьоькхуш гонах хьийзачуьра дIа ца валар кхечу, къаьсттина евро-оьрсийн гIиллакхашца вайна юкъа даьржина ду. Гуттар вониг: йоIа шен гIуллакх тIе ца лаьцча, кIанта дегабаамаш бар, ша санна волчу стагаца хьогIе ваьлла ца Iаьш, иза а чIогIа дастаме хIума доллушехь, йоIаца а, цуьнан нахаца а хьагI лоцуш хилар.
ТIехьовзар синкъерамехь, белхех, я ловзаргахь бен дIадолон йиш ца хиларе хьаьжча (нахана гучохь, хезачохь, хуучохь), гучуйолу цу гIуллакхан кхин цхьа тIаьхье кхечанхьа дагара хаийтар осалчу хIуманех лерина. ШолгIа делахь, синкъерамехь (узаконенни) хиллачу довзаран тIаьхье мухха хилахь а, гучудолу цуьнан ларам бар.

Дагалаца догIу, вайн хIусамашкахь хьеший дукха латтарца, царна синкъерамаш барца, йоьIан, кIентан керла довзар, хIора сарахь бохург санна, хила тарлуш хилар. Аьллачунна тIетухур вай, хIора зуда ялоза волу кIант – мехкан нуц а, хIора ара ялаза йолу йоI – мехкан нус а ларалуш хилла. ХIунда аьлча, мичахь, хьаьнца нислур ду рицкъа хууш дац. Дийца ца оьшуш гуш ду-кх мелла хийцаделла, керчина гIиллакхаш, мелла дастаме даьлла ша адам а.
ЙоьIан лаам хиъначул тIаьхьа (синкъерамехъ) тхьамдашкара пурба доккхий «дуьнена юкъара сакъоьрур ду» аьлла, дош доьхуш ша кIант, я цуьнан накъост вистхуьлуш хилла йоIе. Хьалхарчу тIегIан тIехь сакъоьручу хенахь цу шиннан вовшашна хьалха, цхьа а тайпа бохург санна, декхар ца хиллехь, шолгIачу тIегIантIе юкъаметтиг яьлча, декхарш мелла а совдовлуш хилла.
КхозлагIчу тIегIанехь, шаьш цхьана юьртара делахь а, юьртахочун цIарах сакъоьрур ду аьлла дош ло йоIа. Цигахь декхарш кхин а совдовлу. КIентан деган йовхо хьала йолу. Юкъаметтиг юьртахочун цIарах тIехьийзаре кхаьчча шена бевза-безачу лулахошка а кхайкхина, йоIаца мелла а паргIат вистхила аьтто болуш хилла кIентан.

ДоьалгIа тIегIа, «йогIур ю», аьлла, дош далар; пхоьалгIа – хан йиллар; ялхолгIа – тешамна кара хIума ялар (карара йовлакх, лергара чIагарш, мухIар и.кх.дI.); ворхIалгIа – ара яьн йолу де, хан билгалъяккхар. Хьалхарчу кхаа тIегIанах гергарло чекхдаьллехь, йоьIан йолане хьаьжжина, важа тIегIанаш ца лардар бехке лоруш ца хилла. Амма, тIехьийзарца-тIехьийзорца гучудериг 7 тIегIа йолу синкъераман гIишло пирамидах тера хилар ду: бухара тIегIа – хьешан цIарах дош далар, и тайпа тIехьийзарш-тIехьийзораш чот йоцуш дукха хила таро хилар; лакхара тIегIа – пирамидан буьххье кхаьчча, цхьаъ бен вуьсуш цахилар. Иза а дац иза цуьнга хIета-вета яха еза бохург (ехна юьгуш санна). Нагахь кIантера, я цуьнан гергарчаьргара цхьа оьзда доцу, нахана дош хеташ доцу хIума далахь, йоIа пхьоьханахь кхайкхадойтуш хилла оцу я хIокху бахьанина хьанеха-минехана делла долу дош ша юха оьцу, олий.
Нохчашна юккъехь даиманна а осала лерина ду дегабаамаш бар, моханаш кхехьар, синкъерамехь-м муххале а. Цундела кхаьсттина пайда боцчех а, дастаме а лоруш хилла йоIаца доьзна долчунна тIехь. Вай лакхахь ма-аллара, йоI цхьаннан цIарна тIе яллалц, юкъара ларалуш хилла.

Шахьарера шахьаре баларца кIез-мезиг хийцамаш юкъа багIахь а, вовшахтохаран а, дIакхехьаран а шен куц-кеп йолуш бу синкъерам. Масала, мехкарийн меттиг баьрччехьа ю, божарий чуволучохь дIанисло. Мехскарийн а, божарийн а тхьамданаш ул-уллехь ган тарло тахана. Иза догIачех дац. Мехкаршкахь мелла а йисина йолу охьахааран кеп кегийчу нахера дIаяьлла лара мегар ду. Цундела цунах хир ду вайн къамел.
Жимачу стагана синкъерамехь-м муххале а товш дац, куьйга корта а лаьцна, букар вахар, я уьсаза букъ бойна шайтIа санна, аркъал сеттина Iер. Ког-куьг дIасакхоьссина, ваьржина Iар а дац товш долчех лерина. Лехча санна меженаш дIахецна, я пхенаш озийча санна хебна Iан йиш яц оьздачу стеган. Джай гIанта тIехь Iахь а, я кхечу лекхачу меттехь дIанисвеллехь а, товхана бертиг санна голаш гIаттийна хаар а ду оьзда доцучех лерина.
ХIинца-м башха тидаме оьцуш дац, амма цхьана хенахь, гола тIе ког баккхар – эло шен лайш болчохь бен шегара далийта мегаш хIума ца хилла, шаьш муьлш ду царна диц ца далийта деш хилла цо иза. Цу тIе, и воцчо, цара массара а коьртара хIумнаш дIаяха езаш а хилла. Со жима волуш, вай цIера даьхна дукха хан ялале хила там бу иза, цхьана суьртан тидам бар нисделира сан. Цхьамма-м тилкхаза а ваьлла, голана тIе ког баьккхича, чохь мел волчо изза дира. «Дагахь хIума долуш дина хIума дацара шуна иза, шена бехк ца биллар доьху ша», — аьлла, охьабаьккхира хьешо голана тIера ког. Бухахь болчех воккхачо: «И ледарло йолуш верг а хьалха вер вацара те бохуш, сакIамделла Iаш дара хьуна тхо-тхаьш а. Баркалла хьуна некъ баккхарна», олуш дерзийра.
Уггар меган доцчех ду, цуьнца нийсса, ца товш, лайн амалех лерина а ду: баккхийнаш тукхумхой (ненахой), стунцахой болчохь гоьлана тIе ког баккхар.

ХIора къоман шен-шен кхетамца догIуш ду йоьIан-кIентан юкъаметтиг дашца билгалъяккхар, масала, французийн – тIам хьакхар, оьрсийн – бешара йийна хIума, я бежана кхиорца. Вайн дош тIехьийза бохург а ду шен цхьа маьIна долуш.
Стаг – стигалан векал, зуда – лаьттан векал ларалуш хиларх къамел хилира вайн. Делахь-хIета, йоIана баланаш лакхара охьабуьссуш хиларе терра, царна дуьхьал ваьлла, уьш цунна тIе ца кхочуьйтуш тIехула хьийзаш ву кIант. Зударшца шен дахарехь мел лелориг къонахчо (вуьйцург вуьззина къонах хилар диц ма де) цу тIера леладо.
Вовшийн лараман кепаш, (Iуьйре-суьйре, де-буьйса, серло-бода боху кхетамаш санна) цхьаъ ца хилча важа доцуш, ша даьккхича тIаьхье йоцуш довш, хIума дуй хууш хилла вайн дайшна. Цундела оьрсаша вайна юкъабалийна, баржийна эмансипаци (бакъонаш цхьатерра) боху кхетам. Дуьне мел ду иза нохчашца чекхдер долуш хIума доцийла хаа деза. ХIунда аьлча, божаршна, зударшна оьшург, хьаштдерг тайп-тайпана ду. Цу тIе, йовхачу цIарна, шийлачу хина тIе боьду некъ, царех оьцу пайда ша-ша бу. Оьрсашкахула вайна юккъехь даьржина эмансипаций, вайн цхьацца болчу «молланаша» зудчух яцон бIарз ян еза бохурггий, нохчийн оьздачу гIиллакхашца цхьаьна догIуш дац.
Вайн дайша керла кхоллалур болу доьзал, муха, стенна тIера кхоллалуш бу бохучуьнан мел пусар деш хилла гайтархьама масална хилларг далор ду ас.

Вайна ма-хаъара, Шемала шен низам хIоттийна ма-хиллий: I5 шо кхаьчначу йоIа, нагахь санна 3 дийнахь-бусий ша яха реза волчуьнан цIе ца яккхахь, иза юха тIедогIучу 3 дийнахь-буса юьггучуьнга дIаялар тIе дожош. Цу хьолехь – инкъерам, хи йистехь вовшахкхетар, чу кхайкхар, тIехьийзар, кхидIа дерш дихкина хилла цо. Амма Нохчмахкара цхьана юьртара кегийра нах хи йистехь вовшахкхеташ хилла куц ду. Хьан низам талхош, шайн кегийрхой хи йисте сакъера хIуьттуьйтуш бу Э.. юьртара, — аьлла, вахана цхьаъ Шемилна тIе арз эцна (тахана эшара вайна и майралла, шена Iедало догIуш хIоттийнарг схьалахьара аьлла тIеваханчу стаге, я зудчуьнга хIарра % лахь лур ду бохучунна хьалха хIотта).
Цу юьртара лоруш вол-волу I2 стаг схьакхачаве шена тIе, аьлла цо омра дича, уьш цунна тIе бигна хилла. Оцу шийттанна юкъа нисвелла хилла ГIеза-Махьмица дуьйна тIеман юкъ йихкина лаьттина волу, ша имам Шемил масийттаза кхелах хьалха ваьккхина волу, йовхачу аьхка салазана стерчи а доьжна, цу тIе виллина вига везаш волу, цхьа юьхк – когаш, куьйгаш ца хиларна.
Шен низам талхош долчу шун кортош ца даьхча ца волу ша, аьлла боху тIекхайкхинчаьрга имама.
— Шемил, — аьлла, дуьхьал вистхилла салазан тIехь валийнарг, — тхан корто-м дашон дацара, оха уьш оццул лардал, дилханах ду. Кху дезткъа шарахь, чета цуьнан (цу) межиргаш а тийсина, мича ницкъо тIом бойту тхоьга кIайчу паччахьан дуьхьал хаьий хьуна? Тхайн кортош лардан Iалашо хьалха а яьккхина тхо леллийхьара, кху тIеман хьал тхоьга хIоккхул лалур дара аьлла хетий хьуна? Тхо кхоьрург, хьо кхера везарг – хIусамашкахь хуьлу тIом бу. Оха тхайн кегийрахой хин йисте а бахийтина, синкъерам а хIоттийна, кхул тIаьхьа а иза дийр а ду, хIунда аьлча, керла кхоллалуш болу кхерч, кегийрхой тIехIуьтту сирла шовданан хи санна цIена а, дуьненчохь мел долчу хIуманна иза эшар санна уьйр-безамца и кхоллалуш болу доьзал чекхбала а лаьа тхуна. Паччахьца беш болу тIом тхуна хIумма а доцу хIума хета, амма иза чу берзахь, вай эшна лара мегар ду хьуна хьалххе дуьйна дIа, — баьхна боху цо Шемиле.
Лакхахь аьлла ма-хиллара, синкъерамехь хелхабовлар тхьамдашна тIера дIа рогIехь хуьлуш ду, ловзаргахь санна юкъ-юкъара доцуш.
Бал боккхучуьнан маьIна гатдина, цхьана хелха бовларна тIедерзийна тахана. Бал бохучунна юкъа догIуш ду:
1/ хелха бовлар (бал цкъа дIаболийча массо а ца валарх бехке дац, юха дIадолош сецначуьра долон мегаш гIуллакх хилча-м хIетте а);
2/ хелхадовларан го сецча ладогIан эшарийн рагI тIе кхочу (чохь берш дуьненах, дахарах, гIиллакхех, дайх, дIадаханчух ойлане бовлийта деш ду иза);
3/ йоIе бистхила лууш болчу кегийрачу нахана аьтто боккху;
4/ илланча чохь велахь, цуьнан иллига ладугIу, я чувеанчу воккхачо кегийрачарна ладоьгIча пайденна хир долу къамел до.
И кеп кхоьллинарш баккхий Iилманчаш-м хаац суна – палсапаташ, психологаш, психиатраш ца хилла ала хала ду. ХIунда аьлча, дика хууш хилла царна адаман сих, лагах, дегIах дерг. Кегийра нах бистхуьлучу хенахь дош гал далар бахьана долуш кхолладелла вовшех цакхетар, илли аларо, хьекъалечу дашо, дайшкахь хилла доьналла, сий хьахоро тIепаза бойуш хилла юкъаметтигаш хьогIе ерзо кхоллабелла зирх. Цул тIаьхьа хьенан ала йиш ю уьш кхетам лахара болуш хилла?!

Вистхила лаам гучубоккхуш, шен тхьамдера кIанта дош доьху, хIара хьенех цу йоIе (йоьIан цIе а йоккхий) вистхила пурба лахьара ахь», — олий, мехкарийн тхьамдера пурба а доккху. Амма кIант вистхила воьлча, йоIа – «шена кху чохь бехкен стаг ву», — ала тарло. Чехкка хьала а иккхина неIаре ца вадарх, жимма хан-зама а йолуьйтий, цхьа бахьана а лохий, араволуш ду йоIа вуьйцуш волу бехкениг. КIант вистхилла ваьлча, чувеана шен метте дIатарло кIант шега вистхиллачо леринарг.
Юкъа а иккхина, «хIорс-тоъ», — аьлла, «къап-къарс» оьккхуьйтуш дIасаветтаваларх хелхар хуьлуш дац. Цуьнан а ю шен лар а, кеп а. Цунах лаьцна вай ловзар хьахийначохь дуьйцуш ду.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Оставить комментарий