ДIадолор — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Нохчийн ГIиллакх-оьздангалла

ДIадолор

БисмиллахIиррохьманиррохьийм.
Массо а дуьненчохь долчу хIуманан бух а, цуьнан боккъал долу маьIна а ду «ЛаилахIа иллАллахI Мухьаммада расулуллахI» боху дешнаш. Иза АллахI воцург кхин Дела цахилар а, Мухьаммад — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — бакъ пайхамар, Дала бакъ дин кхайкхо ваийтина элча хилар а чIагIдар ду. Цундела стеган я халкъан оьздангалла йоьзна ю, и бакъдерг цара мел къобалдо бохучуьнца.
ДуьххьалдIа и дешнаш аьлча чекхдолуш дац стеган декхар. Дела цхьаъ хиларх тешар шен дерриге дахарехь ша дIа мел боккхучу когаца, дIа мел олучу дашца, дIа мел тухучу куьйгаца тIечIагIдан деза стага. Цунна иштта ган еза таухьидан билгалонаш шена гонахарчу Iаламехь а: сел тайп-тайпана долчу оцу Iаламехь массо хIума а ду шен-шен меттехь. Цхьа а галморзахалла йоцуш, шен-шен дахаран некъ а, маьIна а ду массо а хIуманан: стигларчу седарчашна тIера лаьттарчу зингатана тIекхаччалц. И ерриге Iаламан тайп-тайпаналла — цхьана низамехь, цхьана кепехь, цхьааллехь а ю. Дела цхьаъ хиларан кхин а цхьа билгало ю иза.
Боккъал а Дела цхьаъ хиларх а, Хьесап дечу, Кхиэл ечу дийнах а тешаро кхуллу бакъйолу оьздангалла, бакъдолу оьзда гIиллакхаш а. Нагахь и тешар суьртана лелочохь я Iесачу динехь (язычествехь) долчу къаьмнийн оьздангалла, церан ламасташ, дукха хьолахь, цIерахазамна, суьртана, моттаргIина лелош хуьлу. Цундела шайн цхьана аьттонна я хала киртиг тIехIоьттича, гIиллакхаш атта охьа а туьйсу цара. Ткъа лелош дерш а нахалахь шайн цIе яккхийта, гайта, балха тIехь я рицкъи тIехь аьтто хилийта — доцца аьлча, дуьненан хIума бахьанехь хуьлу.
Адам хIокху лаьтта Дала, Шен векал дина, дерриге Iаламна дола дан декхар а дина, даийтина. Цундела и Адам оцу кхечу Iаламах схьакъастош Дала цунна белла кхетам, хьекъал, вуон а, дика а къасто, вуо-дика гIуллакхаш дан маршо а. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а белла вайна Дала. Иза Дала вайна дина доккха дика а, боккха къинхетам а бу, Цунна хьалха долу доккха жоьпалла а ду.
Оьздангалла — иза кхечу садолчу хIумнийн хила йиш йоцуш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу Iаламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила догIу дозанаш, барамаш, кепаш а ю.
ХIара «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» боху жайна яздина ду вайнахана шайн къоман гIиллакхаш кIорггера довзийтаран а, царах диканаш дахарехь лело, вонаш дIатаса аьтто хилийтаран а Iалашонца. Ийманца догIучу гIиллакхашца цхьаьна, вай кхузахь хьахор ду цуьнца ца догIурш а — церан нийса цахилар билгалдаккха а, уьш дIатаса вайна атта хилийта а.
ХIара жайна лаьтта дIадолорах а, бархI декъах а, дерзорах а. Кху тIехь къестош ду хIара тайпа хеттарш:
— Оьздангалла а, дахарехь цо лело маьIна а;
— Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта мехаллаш;
— Адам а, цуьнан гIиллакхаш а;
— Доьзал а, бераш кхетош-кхиор а;
— Нохчийн оьздангаллехь Iаламца а, къинхьегамца а йолу юкъаметтигаш;
— Ислам а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а;
— Зама а, оьздангаллех болу къоман кхетам хийцабалар а (ши дакъа).
Царах хIора хаттар дийцина даьлча, чаккхенехь даладо хаттарш а, тIедахкарш а, халкъан барта кхоллараллин я исбаьхьаллин произведенеш а, я церан кийсигаш а (дийцинарг тIечIагIдан йолчу Iалашонца).
ХIара жайна лерина ду юкъарадешаран ишколийн 10-11 классийн дешархошна. Цунах иштта пайдаэца тарло кхечу тайпанчу доьшийлашкахь а, Iилманчаша а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла йовза луучу массо стага а.

Оставить комментарий