Сатийсам — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Яндарбиев Зелимхан

Сатийсам

Мукъа мел еанчу шена минотехь,
массо а хенахь,
к1анта зезагаш дохкура дуьненахь долу а, доцу а…
Массо а зезаг цуьнан хуьлура ч1ог1а тера
б1аьргех я куьйгех берийн —
делалой, деллалой,
ткъа царна т1ехула стигал а хуьлура даима сирла,
тоьхча санна лила,
сийна бос малхаца ийна,
къегина…
Стигалахь, Iaxapex терра, маь1-маь11ехь хьаьрчина
1охкура к1айн мархаш,
ткъа цхьаерш чилланах къегара.
Ткъа оцу стигланна к1елахь хьозарчий хьийзара —
тайп-тайпа, ловзура ч1ег1ардигаш,
иштта кхидолу дуьйцу а ца хезна олхазарш а;
уьш а хуьлура х1инццалц схьа буьйцу а ца хезначу
инзарчу басахь.
Шантана хаьара шера, дахар, нагахь дахар делахь,
ца хилча ца довлий зезагаш,
хаьара, зезагаш хаздан хила дезий бераш а,
царна т1ехула сийначу стигланан четар а:
дийнахь к laйн мархийн 1ахарий а дежаш
я дог1у луьттуш маьлхан,
ткъа буса батто шен седарчийн жа а хоьцуш ара.
Ткъа олхазарш ца хилча-м стигланах
стигал а ца хуьлу,
дуьненах дуьне а ца хуьлу.
бераца цхьаьна цуьнан да а, нана а ца хилахь…

Цундела дохкура цо уьш
куьйгаш а лаьцна берийн, даккхийдеш, доьлуш,
стигалан 61аьра хьоьжуш,
цхьана а х1уманах данне а доцуш кхоьруш…
Мукъа мел еанчу минотехь, массо а хенахь
кехата тlexь, керташ т1ехь, силаман новкъахь
Klнта дохкура сурташ,
ткъа нах-м — т1ехбуьйлура,
цхьаберш, леррина хьоьжуш, г1алаташ лоьруш,
цхьаберш бела а къежаш, амма ца соьцуш…
Хуьлура реза боцурш а.
Делахь а уггаре цакхетарг —
мел кхета г1ертарх к1ант ца кхетарг дара —
шен сурташ хаза дац олу адамаш мичара довлу?..
Ткъа к1анта-м зезагаш дохкура,
дохкура цо сурташ, дохкура,
дуьненах дуьне дан г1ерташ,
вайн дахарх дан г1ерташ дахар,
берах а — бер…

 

З.Яндарбиев

Оставить комментарий