Сонет — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Яндарбиев Зелимхан

Сонет

Хьаьжа т1е куьг а лоьцуш, дахар ас а тергалди,
Малхах б1аьргаш ларбичхьана дерриг го а
моьттуш.

Шед айина, лоьллуш хьалха, дин а терсаби,
Са а хадий, дог а дагий, даьгна дер дац моьттуш.

Цуьрриг 1алашона\ тилча тоьпан х1оъ а санна,
Эрна хила кийчча долу цхьаъ бен доцу дахар
Ма ца хии-кх, маржа дуьне, к1езга долчух лардан.
Цунна бекхам — шайлахь дуьйцурш бевза-
безачара —
Ас т1езцна, байттамал деш сайна, царна —
Кхардам.

Сайн дахаран некъан кехат дина деккъа бакъдерг,
Ламанчерчу
Къонахчочух кегйи гоьмукъаш.
Харцонна а, шалхонна а д1ало моьттуш хьакъдерг,
Тийсавели, мохь а битти, ца гуш боьлу нах,
Хадон г1ерташ кху дуьненан кхочуш боцу мах…

 

З. Яндарбиев

Оставить комментарий