Таханлера замано — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Шамиль Арбиев

Таханлера замано

Таханлера замано дей-буьйсий хийцина
Дов-барттий къийса а делла вовшен са ийцира
Стиглара малхано йовхо тхуна кхоа йира
Деллачу хаттарна бакъдерг ца элира

Шуьйрачу новкъахь меттиг ца кара еш
Тхоьца цхьаьна бог1уш берш замано х1аллак беш
Буй-т1арий цхьаьна а кхетта нийсоне ца кхечира
Буьйсана ц1еран юххехь меттиг ца кхечира

Д1а кховдийна куьйгана юха кховдо куьг ца хилла
Бакъдерг тхуна дийнахь а ц1арца ца кара ди
Д1а х1оьттина мог1анехь накъостий г1елбелла
Халонаш ч1аг1ъяларх, халонна къар ца делла

Таханлера замано дегнаш тхан ч1аг1дина
Бакъдерг д1а олуш верг нахана ца вийзина
Дуьнен чохь ваха атта доций кхетта
Вайн юкъахь барт боцуш хала суна хетта

  11:14 05.06.03 

 

Шамиль Арбиев

Оставить комментарий