Шемахь ю, хаац, я Урартухь,
Мисаран г1амаршлахь яйна —
Б1ешерийн уьйригехь сан лар ю,
Сан кхоллам язбина жайна.
Дуьненан йистехь цу малхаца
Г1отту а хаац и суна,
Дазло а хаац цу мархашца,
Ийзочу дог1анан ч1унаш,
Тевнаца 1еткъий а хаац
Шайхалла доьссинчу дагна,
Боданехь, букарчу дорцехь
Г1ерта а шайт1анан шад бан…
Амма ду цхьа Бакъ кху дуьненахь —
Азаллехь ас нигат дина,
Хьан цle ю, Нохчийчоь, цуьнан а —
Къайле ю, дуьненна тида…
З.Яндарбиев