Сан пачхье ю — нана еха хIусам.
Дай баьхначу юьртахь жима ц1а.
Дуьненах со къастахь къаьста цунах,
Дег1ах къастахь цунах къаьста са…
Сан пачхьенан малх бу ненан хьажар,
Б1аьра хьаьжна сирла елакъажар.
Сан пачхьене боьдуш цхьа некъ бу,
Цунах кхеташ — б1е эзара кхин,
Цаьрца х1оранца со лелла ву,
Х1оранца а бу сан ирсан цинц.
Сан пачхье ю — нана еха х1усам.
Ирсе боьду некъ а цу т1е бу…
З.Яндарбиев