Когашна девзар ду некъан хьал,
Куьйгашна — биначу белхан.
Цхьатерра ю царна кхочу ял —
Г1елдалар, ц1ийх йогу берчаш…
Ас некъийн ял зима йиссалиа:
Айраш а хедадеш мачийн,
Сихвелла г1улчаш ас тийсина, —
Ткъа стенна, стенна т1е кхача?
Кераюкъ ягийна бело сан,
Мангало, кесаршка хьош,
Иэгайо буц санна, хедош са,
Г1елдина дахаро дог…
З.Яндарбиев
Когашна девзар ду некъан хьал,
Куьйгашна — биначу белхан.
Цхьатерра ю царна кхочу ял —
Г1елдалар, ц1ийх йогу берчаш…
Ас некъийн ял зима йиссалиа:
Айраш а хедадеш мачийн,
Сихвелла г1улчаш ас тийсина, —
Ткъа стенна, стенна т1е кхача?
Кераюкъ ягийна бело сан,
Мангало, кесаршка хьош,
Иэгайо буц санна, хедош са,
Г1елдина дахаро дог…