Де д1адели, суьйре еа текхна,
Буьйса хьоьжу цунна т1ехьара.
Ира баххьаш стиглах г1ертош лекхчу,
Лаьмнаш хьоьжу лаьмнел дехьара.
Цхьа де-м х1ун ю?
Хийла доьду и д1а,
Кхиале, хьо йиш хьайн йолаян.
Маржа денош, ойла хедош иддарш,
Йиш елар-кха юхадоладан.
Амма бода лаьмнех хьерча боьлла,
Мархех ц1ена стигал карийна,
Буьйса г1ерта седарчийн йиш кхолла, —
Х1иниале а масех къадийна.
Беттаса а доллу г1оттуш д1огахь,
Дезачарна-м буьйса нисъелла.
Эx1, хьо туьйра!
Даге ахь ладог1ахь,
Йиш хезар ю, мацах йицъелла.
Цо х1ун дуьйиу, ц1е летаеш кийрахь? Цуьнан лазам даго x1унда лов?
XIунда яц и буьйса дагна хийра?
Безамна и дийнал х1унда тов?
Де д1адаьлла. Буьйса тийна текха…
Корашкара масех серло яй.
Орцан дукъ т1е кхаьчна, буьйса екхош,
Батто нека хьоькху дай…
З.Яндарбиев