1уьйрепан йоза
Доладо сахуьлчу седано.
Т1аккха, синбилгалонца даьржа,
Анайистехь
Лаьмнаш г1иттош,
Питтош олхазарш а,
Адамаш а;
Юха, маьлхан з1аьнарш хуьлий,
(нагахь стигал екхнехь)
Стиглахь даьржа,
Лаьтта язло —
XIop а корехь куьцаш дохуш,
Бацаларчу тхица догуш,
Ахархочун юьхь т1ехь ловзуш,
Серладолуш,
Детих лепош буьртигаш а хьацаран,
Диттан xlop а патарехь, —
Ялтин кенехь ловзуш;
Урамашкахь даьржий, зевне,
Берийн аьзнех иэлой, дела-декаш,
Доьдуш,
Берийн 61аьргаш чохь а ловзий,
Делкъахене кхочу…
Делкъахенан йоза
Долало кхачалуччохь 1уьйренан йозанан
т1аьххьара мог1а.
Делкъенан малх санна, довхачу цо,
1индаг1ах хьегавеш некъахо,
Шен мог1анаш хьекъадо
1уьйреначарна т1ера д1а…
Сих-сиха берийн б1аьргаш чу юха а хьоьжуш,
И суьйрене доьду…
Суьйренан йоза —
Дийнан дешт1аьхье ю.
И доца ду,
Бос а бу цуьнан мокха.
Цуьнан мог1анан ц1ora,
Берийн б1аьргаша ца лоцуш,
Дов…
Ткъа буьйсано,
Дийнан йоза толлий,
Амма ницкъ, боцуш, карийна г1алаташ ннсдан,
Цкъа хьалха
Къовларшна юккъехь яздой шеен билгалдахарш —
Седарчнйн хьаьркашца,
Беттаса сегош,
Д1ахорцу,
Д1алуьсту
Дахаран тептаран кхин а цхьа arlo…
З.Яндарбиев
Нохчийчоь, Нохчийчоь,
Нохчийчоь-Дег1аста.
И ши дош хутту хьаьрк
Сан сих чекхъяьлла.
Хьо хилахь дуьненахь
Вуьсур вац декъаза
Хьан к1ант а.
И Делан кхел хилла яьлла!
—ЗЕЛАМХА—
б1аьсте 1995шо.